Экскурсия в музей Мамакаева
Ахьмад Хьажи к1анта Рамзан Ахмадовича д1акхайкхина шен омрица Нохчийн меттан де ду 25-апрель. И даздарш д1адаьхьира Серноводски Муниципальни к1оштан берийн кхоллараллин ц1ийнехь. Исбаьхьаллин литература бухбиллинчарех цхьаь ву Сийлахь воккха яздархо Мохьмад Мамакаев.Цо 1аламат йоккха лар йитина вайн мотт кхиорехь. И дагалоцуш, объединени «Дайн орамаш» цхьанакхетарера бераш дахара цуьнан ц1арах йолчу музей. Цу музей 1уналдеш волчу цуьнан вешин к1ант Асланбек Мамакаевс берашна дийцира цуьнан дахарх лаьцна. Дукха пайденна Х1ума эцна ц1а дирзира тхо цигара.